Абу Бакр аль-БайхӀакъи

Абу Бакр аль-БайхӀакъи
أبو بكر أحمد البيهقي
Говзалла Хьадисийн а, бакъонан а Ӏилманча
Вина терахь 994 шо({{padleft:994|4|0}})
Вина меттиг Хусравжирди
Кхелхина терахь 1066 шо({{padleft:1066|4|0}})
Кхелхина меттиг Нишапур
ДӀавоьллина меттиг БайхӀакъ
Пачхьалкх ГӀажарийчоь
Да аль-Хьусайн ибн Ӏали
Бераш ИсмаӀил
Динлелор Бусалба, сунний, шафиӀий, ашӀарий, суьпий
Хьехархой Ибн Тахир аль-Багдади[d], Абу-ль-Фаттах аль-Умари[d]
Википедехь йаззамаш бу кхечу нехан куньяца Абубакар, цӀарца Ахьмад ибн Хьусайн  нисбаца БайхӀакъи.

Абу́ Бакр А́хьмад ибн аль-Хьуса́йн аль-БайхӀа́къи (Ӏаьр. أبو بكر أحمد البيهقي‎‎; 994, Хусравжирди — 1066, Нишапур) — сийлахь воккха исламан бакъон а, хьадисийн а Ӏилманча. ШафиӀий, ашӀарий, суьпий. ГӀараваьлла имам аль-БайхӀакъи цӀарца.

Биографи

Цуьнан юьззина цӀе: Абу Бакр Ахьмад ибн аль-Хьусайн ибн Ӏали ибн Муса аль-Хусравжирди аль-Хурасани. Иза вина аль-БайхӀакъ кӀоштарчу Хусравжирди(ингалс.)нохч. эвлахь, Иранерачу Нишапур гӀалан 12 километр генахь. Иза велла 74 шо долуш Нишапурехь. Цуьнан дакъа дӀадаьхьира БайхӀакъе, цигахь дӀавоьллина иза[1].

Делан дош Ӏаморан болх

Аль-БайхӀакъис дешна бӀе сов хьехархочунца Хорасанехь, БагӀдадехь, Куфехь, Маккахь. 15 шо долуш иза деша волавелира Нишапурехь воккхачу Ӏилманчуьнца Аль-Хьаким ан-Найсабурица, цуьнан оцу хенахь дезткъа шо гергга дара. Уггаре диканиш бен ца хуьлура аль-Хьакиман дешархой, къона аль-БайхӀакъи уггаре дикачех дешархо хилира. ТӀаьхьа аль-БайхӀакъис шен жайнашкахь дукха хьадисаш далийра аль-Хьакимера[2].

Билгалдахарш

  1. Имам аль-Байхаки islamdag.ru
  2. Абубакр Дациев Имам аль-Байхаки — великий мухаддис и ученик суфиев islam.ru 20 февраля 2012 года

Хьажоргаш

commons: Ахмад аль-Байхаки Викиларма чохь
  • Али-заде А. А. http://slovar-islam.ru/books/b.html#BaihakiAhmad17 // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
  • Абубакр Дациев Имам аль-Байхаки — великий мухаддис и ученик суфиев islam.ru 20 февраля 2012 года
  • Имам аль-Байхаки islamdag.ru
  • Dickinson, Eerik. «al-Bayhaqī, Abū Bakr» Encyclopaedia of Islam, THREE. Brill Online, 2013.
 ХӀокху кепе хьажар 
  Нормативан контроль
BAV: ADV10887344 · BIBSYS: 96005903 · BNF: 12539447v · CiNii: DA09177552 · EGAXA: vtls000792056, vtls001493589 · GND: 119126036 · ISNI: 0000 0001 0923 5453 · LCCN: n84182370 · NTA: 07407993X · NUKAT: n96403948 · LIBRIS: 174374 · SUDOC: 034662774 · VIAF: 90073848